Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгІазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тІе. Пасга-ломан боххье хьалавала. ДІахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хІунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! Муаби-аренашкара Набу-лам тІера Пасга цІе йолчу бохь тІе хьалавелира Муса. И бохь Ерихон-гІалина дуьххьал бара. Везачу Эло Дан-гІалина тІекхаччалц берриг а ГалІад-мохк гайтира Мусана. Напталан а, Эпрайман а, Маннашан а латтанаш а, Дуьненаюккъерачу хІорда тІекхаччалц долу дерриг а ЯхІудан латта а гайтира Цо. НегІаб-аре а, шех палманийн гІала олу Ерихон тІехь лаьтта тогІи а, ЦІоІар-гІалина тІекхаччалц болу мохк а гайтира Цо.
Выбор основного перевода