Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Іожалле дІа а хьажаво, веллачуьра ден а во. Исраилхойн паччахьо, кехат дІа а дешна, шена тІера бедар а этІийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тІе хІунда ваийтина цо дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХІинца хаа ду шуна, иза суна тІамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла». хІунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дІа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до. Кхеталаш хІокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кІелхьардохург ца хиларна. Хьан кхочушдина иза, хьан чекхдаьккхина иза? Хинйолу тІаьхьенаш юьхьанцара дуьйна схьа хьан кхайкхина? Со, Веза Эла, хьалхарниг ву, тІаьххьарчаьрца а Со изза хир ву. Дуьххьарлерчу деношкара схьа Со Дела ву. Сан куьйгах цхьаммо а кІелхьарвоккхур вац. Ас динарг хьаьнга юхадерзалур ду?» Кхера а ма кхера, доха а ма доха. Ширачу заманахь дуьйна хІокху хене кхаччалц, дерриг а хиндерг Ас дІакхайкхийна. Ткъа шу Сан тешаш а ду. Со воцург, кхин Дела вуй? ХІан-хІа, кхин цхьа а Тарх яц. Суна ца евза цхьа а». Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Наха иштта боху: «Дуьйло, вешан Везачу Элана тІедерза вай. ХІунда аьлча Цо вай лаза а дина – Цо вайна дарба а дийр ду. Цо йина вайна чевнаш – Цо уьш дІа а йоьхкур ю.
Выбор основного перевода