Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама: ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. ТІедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугІуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тІехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дІахезийла!
Выбор основного перевода