Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш». Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» Гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара Іийсана тІе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цІен тІе вагІахьара Хьо аьлла. Далла хьалха бехк буьллийла доцуш, цІена шаьш хилийтархьама. Аьрхачу а, телхинчу а тайпанна юкъахь шайца цхьа а вониг доцуш, Делан бераш санна дахалаш. Царна юкъахь стигалан серлонаш санна лела деза шу,
Выбор основного перевода