Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. Церан дайшка Айса чІагІо ма-ярра, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе буьгур бу Ас уьш. Юуш а, бузуш а бехар бу уьш, барста а берстина, кхечу деланашна тІе а бирзина, царна гІуллакх деш лелар бу уьш. Ткъа Сох дІа а бирзина, Ас шайца бина барт бохор бу цара. Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Цо Соьга эр ду: „Хьо – сан да а, сан Дела а ву, со кІелхьарвоккхур волу тарх а ю“. Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Хьо кхоьллинчу а, ненан кийрахь долуш дуьйна хьо дІанисдинчу а Везачу Эло иштта боху, ткъа Цо хьуна гІо дийр ду: „Кхера ма кхера, Сан ялхо йолу Якъубан тІаьхье, ма кхера, Ас хаьржина долу Сан хьоме халкъ.
Выбор основного перевода