Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза. Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац». Оцу хи даьккхинчу меттигах Мериба олу (иза «къовсам» бохург ду). Кхузахь исраилхой Везачу Элаца къовсаме а бевлла, Цо Шен возалла гайтина царна. хІунда аьлча Цин цІе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхІарона а, Аса шуьшинна тІедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цІе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
Выбор основного перевода