Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара». Делкъахан тІееача, Эли-ЯхІу кхаьрдира царах. Цо элира: «ЧІогІа мохь тоха аша, хІунда аьлча иза дела ма ву. Иза ойла еш хила а тарло я иза шен гІуллакх дан вахана хила а мега, я новкъахь вогІуш хила а там бу, я наб еш хила а мега, иза-м самаваккха везаш ву!» ТІаккха Ас шуьга эр ду: „Мичахь бу ахьа хьайна бина болу деланаш?“ Хьо баланашкахь долчу хенахь цаьрга, схьа а баьхкина, даккхийта хьо кІелхьар, хІунда аьлча хІора хьайн гІалин цІарах цхьацца дела ву хьан, ЯхІудан халкъ.
Выбор основного перевода