Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. «Везачу Элана диц ца делла аша а, шун дайша а, паччахьаша а, шун баьччанаша а, мехкан халкъо а ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а кхечу деланашна сагІанаш дохуш хилар. Цуьнан дагахь иза лаьтташ ма ду. Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гІуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тІехь Іаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цІе яккхарца неІалт олу. Кхечу деланашна аша сагІанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тІебаийтина бу». Цундела оьгІазвахара Веза Эла Шен къомана, дегаза хийтира Цунна Шен долахь берш.
Выбор основного перевода