Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьттан цхьана маьІІера вукху маьІІе кхаччалц, массо а халкъашна юкъахь дІасадоькъур ду шу Везачу Эло. Шайна а, шайн дайшна а ца бевзачу дечиган а, тІулган а цІушна Іамал йийр ю аша. Уьш керлачу деланашна тІаьхьахІиттича, гІалин кевнна улло тІом беана схьакхечира. Шовзткъа эзар стаг шена юкъахь а волуш долчу Исраилан эскарехь я турс а, я гоьмукъ а ца карийра. Цара шайн кІентий а, йоІарий а жинашна сагІина дІалора. Дац! Амма дин доцучара сагІина яхьа хІума, Далла а ца яхьаш, жинашна яхьа. Ткъа суна ца лаьа, аша жинашца дакъа а лоцуш, шу цаьрца тайна хила.
Выбор основного перевода