Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Іабарим цІе йолчу лаьмнийн регІахь болчу хІокху лома тІе а валий, цу тІера дІахьажа Аса Исраилан халкъана луш долчу лаьтте. Цу лаьтте дІахьаьжначул тІаьхьа, хьо дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву, хьан ваша АхІарон дІа-ма-кхеттара, хІунда аьлча Цин цІе йолчу яьссачу арахь хиш долчу меттехь халкъ карзахдаьллачу хенахь, ахьа а, АхІарона а, Аса шуьшинна тІедиллинчунна дуьхьал а волуш, халкъана хьалха Сан возалла къобал ца дира». (Уьш дара Цин цІе йолчу яьссачу арахь долчу Мериба-Кхадеш-шовданан хиш.)
Выбор основного перевода