Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогІура царна. Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! Веза Эла – сан чхар, сан чІагІо, со КІелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу. Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цІена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дІахІоьттира. Иштта дІагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а, сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а. Ткъа аша, Далла лериначу дезачу дийнан буьйсанна санна, эшарш лоькхур ю. Шун дегнаш тІехь самукъадалар хир ду, шедаг а локхуш, Везачу Элан лома тІе, исраилхойн Тарха тІе воьдучу стеган санна.
Выбор основного перевода