Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Іад а дулий, уьш цунна тІе хьажадо. Цундела боху берриге а ницкъийн Хьалдолчу Эло, Исраилан Нуьцкъалчо: «Сайна дуьхьалбевллачех Со паргІатвоккхур ву Аса, Сайн мостагІашна бекхам бийр бу Аса! «Адаман кІант! Соьгара нахана хаам бе. ДІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Туьре хьажал! И тур ирдина а ду, заьнгала дина а ду. Иза адамаш дайа ирдина, стелахаьштиг санна къегийта заьнгала дина. Даккхийдеш лела дезий вай? Сан кІентан олаллин гІожан хІора диттах дог долу.
Выбор основного перевода