Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДоІанна тІехь ас Везачу Эле иштта элира: „Хьалдолу Эла, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ, Хьайн долахь дерг, Ахь Хьайн сийлаллица паргІат а даьккхина, Хьайн ондачу куьйгаца Мисар-махкара арадаьккхина долу. Дагабахкийтахьа Хьан ялхой болу ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а. Ма хьежахьа хІокху халкъан аьрха хиларе, цуьнан Іесалле, цуьнан къиношка. Дехьа иштта, Ахь тхо арадаьхначу лаьтта тІехь бехачаьрга ца алийтархьама: ‘Везачу Эло дуьгийла а дацара и халкъ Ша лур ду аьллачу лаьтта тІе. Цо и халкъ Шена ца деза дела арадаьккхина, яьссачу аренгахь иза хІаллакдархьама’. Цу паччахьо боху: «Сайн куьйган ницкъаца а, сайн хьекъалца а дина ас иза, хІунда аьлча со хьекъал долуш ву. Ас халкъийн дозанаш дІадаьхна, церан хьал схьадаьккхина. СтаргІано санна аса паччахьаш шайн гІанташ тІера чукхиссина. Ва сан Хьалдолу Эла, сан кІелхьарваларан ницкъ, тІом бечу дийнахь сан корта Ахь Іалаш ма бина!
Выбор основного перевода