Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Чохь дІаьвше лаьхьарчий болу а, сту лоцу гезгаш йолу а, екъа а, хи доцуш йолу а, йоккхачу, къемате кхерамечу а яьссачу аренгахула шу чекхдаьхнарг Иза вара. Шуна мокхазан тархана чуьра хин хьоста даьккхинарг а Веза Эла вара. Хьайн тІемийн ІиндагІехь хьулвехьа со, йоІбІаьрг санна, ларвехьа со Хьо волчохь ю сан дІалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кІелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. Дог цІена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Іаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу. Цара хІунда ца хаьттина: „Мичахь ву вай Мисар-махкара арадаьхна волу Веза Эла? Шена тІехь гІамарш а, Іаннаш а долчу, ша екъа а, Іаьржачу бодане а долчу, шена тІехула цхьа а некъахо ца вогІучу, шена тІехь цхьа а Іаш воцучу яьссачу аренгахула схьадалийна волу Веза Эла мичахь ву хІинца?“ Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла.
Выбор основного перевода