Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттийна Ахьа. Кхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш, Делан халкъаца цхьаьна». Цуьнан кхелаш билггал бакъ а, нийсо йолуш а ю. Цо кхел йира оцу чІогІа сийсаза лелаш йолчунна, оцу йоккхачу гІалина. Цо шен сийсаза леларца дуьне а бехдинера. Цо Делан ялхой болчеран цІий Іанорна, Дала цунна догІуш долу таІзар дира».
Выбор основного перевода