Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догІа санна, царна тІеоьхура. ДогІане санна, сатуьйсура цара соьга, бІаьстенан догІанан тІадамашна санна, шайн баганаш хьала а гІиттайора. Иза хуьлийла, буц хьаькхначу бай тІе догІу догІа санна, лаьттана тІуналла луш долу догІанан тІадамаш санна. ДогІа а, ло а, стигалара охьа а догІий, цара латта даша а дой, цу тІехь хьаладолург кхуьуьйту, ялта дІадуьйш волчунна хІу а, юуш волчунна юург а хуьлуьйтуш. ТІаккха бен уьш стигала юха ца доьрзу. Иштта ду Сан багара схьадолу дош а – иза даьсса юха ца доьрзу Суна тІе. Цо Суна луург кхочушдо, Ас даийтина дош Іалашоне кхочу. Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац.
Выбор основного перевода