Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юх-юха а Везачу Эло царна мехкан куьйгалхо воуьйтура. Иза Ша вара цу куьйгалхошца, цаьргахула халкъ кІелхьара а доккхура Везачу Эло. Царна ницкъ беш, церан узарш хазарна, къинхетам бора Везачу Эло царах. Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. Церан дуьхьа Ша бина барт Цунна дагахь бара, Шен безам боккха хиларе терра, Цо Ша йина ойла хийцира. ХІунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха. Вайна хаьа, хІара дешнаш Хьан аьлла: «Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду». Кхин а: «Везачу Эло Шен халкъана кхел йийр ю».
Выбор основного перевода