Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу дийнахь Ас Сайн оьгІазалла тосур ю царна тІе. Ас уьш буьтур бу. Ас царах Сайн юьхь дІакъовлур ю, ткъа и халкъ хІаллакдина хир ду, цунна тІе дукха халонаш а, баланаш а буьссур бу. ТІаккха оцу дийнахь халкъо эр ду: „ХІара халонаш вайн Веза Эла вайна юкъахь воцу дела-м ца еана те вайна тІе?“ ХІунда аьлча суна хаьа, со дІакхелхича шу баккъалла а телхина хир ду, ас весет динчу некъа тІера шу дІадевр ду. Хан яьлча, шуна тІе халонаш хІуьттур ю. Иза хир ду шайн Везачу Далла хьалха аша зуламаш дийр долу дела, шайн куьйгаша дечуьнца Иза дар а волуьйтуш». Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догІучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду.
Выбор основного перевода