Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. И дерриг а хилира БаІша-паччахьо а, цуьнан кІанта Элис а къинош летадар бахьана долуш а, цара Исраилан халкъе а къинош летадайтар бахьанехь а. Шайн эрначу цІушна Іибадат дарца Исраилан халкъан Веза Дела дарвора цара. ЛадогІахь гІо доьхуш долчу сан къоме. Цо боху: «Цийонехь Веза Эла кхин вац те? Цигахь цуьнан Паччахь кхин вац те?» Амма Везачу Эло боху: «ХІунда вахийтина те цара Со оьгІаза, шайн хІумма а йоцу харцделанаш а, цІуш а бахьана долуш?» Аса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе Ас хьагІ хуьлуьйтур ю шун, ткъа кхетам боцучу халкъан гІоьнца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
Выбор основного перевода