Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хир ду шуна шайн кІелхьардовларан Дела вицваларна, Дела шун дІалечкъийла йолу тарх хилар шуна дага ца дарна. Мелхо а, самукъадаккхаран бошмаш а кхиийна, хийрачу таьлланга тІера маргІалш доьгІна аша. Цаьрга дечиган гериге: „Хьо сан да ву“ алалур ду, ткъа тІулге а алалур ду: „Ахьа со вина“, хІунда аьлча цара Суна шайн юьхьан метта букъ берзийна. Ткъа шайна бохам тІебеача, цара бохур ду: „Тхо кІелхьардахахьа!“ Цара шаьш кІелхьардаьхна волу Дела вицвинера, Мисар-махкахь тамашийна хІуманаш дина волу,
Выбор основного перевода