Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Мерибера хишна уллохь шу Суна дуьхьалдовларна, АхІарон, кхелхина, шен дайх дІакхетар ву. Ас исраилхошна луш долчу лаьтта тІе иза кхочур вац. Муса, хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІант ЭлиІазар а эций, ХІор-лам тІе хьалавала. АхІаронна тІера бедарш, схьа а яьхна, ЭлиІазарна тІеюьйхира Мусас. Цигахь, лам тІехь, АхІарон кхелхира, ткъа Муса а, ЭлиІазар а лам тІера чувоьссира.
Выбор основного перевода