Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ткъа Аса вайшинна юкъахь барт а бина, хьан халкъ алсамдоккхур ду». «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, цундела Ас хьо декъалвийр ву. Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Цара шайн мостагІийн гІаланаш схьайохур ю. Хьан тІаьхьенехула дуьнен чуьра дерриг а халкъаш декъала хир ду. И дерриг а хьо Суна муьтІахь хиларна дийр ду Ас хьуна». Цу лаьтта тІехь Іе, Со хьоьца хир ву, Ас хьо декъалвийр ву. Хьуна а, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас дерриге а хІара латтанаш. Хьан дена ИбрахІимна Айса йина чІагІо кхочуш а йийр ю. вайн дега ИбрахІиме йина чІагІо. Дала ИбрахІиме ваІда дина, ИбрахІимна Ша ваІда дечу хенахь, Дала Шех дуй буура, Шел лакхара цхьа а воцу дела. Цундела Дала а дуй биъна, Шен лаам хийцалур боцийла Ша ваІда динарг кхочун долчарна дІахаийта лууш.
Выбор основного перевода