Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне ала, шен Іаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дІалаьцна кегийра чуьркаш хир ю». Иштта дан а дира цара. АхІарона шен Іаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тІехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира. Нагахь ахь Сан халкъ дІа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тІе а, хьан цІенош чу а жІаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цІенош а, уьш тІехь Іаш болу латта а жІаьлийн мозех дузур ду. Сан халкъ тІехь Іаш долу ГІашан-мохк дІакъастор бу Ас, цигахь жІаьлийн мозий хир дац. ТІаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла. Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“». Везачу Эло иштта дан а дира. ПирІунан а, цуьнан уллорачеран а цІеношка жІаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хІаллакбеш бара берриг а мохк.
Выбор основного перевода