Со Хьариб цІе йолчу меттехь цхьана тарх тІе хьуна хьалха дІахІуттур ву. Ахь тархах Іаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тІаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гІуллакх кхочушдира Мусас.
Шен куьг хьала а айина, тархах шозза Іаса туьйхира цо. Дуккха а хи доладелира цу тархах. Наха а, даьхнино а мелира иза.
Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна, кІоргачу хІорда санна шортта хи царна лора.
Тархах Іовраш Цо охьайолаялийтира, татолаш санна, хиш а дІасадаьржира.
Везачу Эло Шен халкъ яьссачу аренехула дІадуьгучу хенахь, наха хьогаллина бала ца лайна. Дала тархах хи даьккхина царна. Цо тарх екъча, хи охьадоладелла.
Иштта цара массара а цхьатерра синна оьшуш долу малар а мелла, хІунда аьлча цара шайца лелош болчу тамашийначу тІулгах схьадолу хи молура. Ткъа и ТІулг бара – Дала леррина Къобалвинарг.