Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юсупа ма-аллара, мацалла еана ворхІ шо дІадоладелира. Вукху мехкашкахь а яра мацалла, Мисарахь бен яа хІума яцара. Гонах болчу массо а махкара нах Мисара Юсупера кІа эца богІура, хІунда аьлча массанхьа а луьра мацалла яра. Дисина напха дІадоккхур ду Ас шуьгара. Итт зуда хир ю шун бепиг цхьана пешахь доттуш. Оза а узуш, лур ду шуна иза. Аша и бепиг дуур ду, амма шу меца дуьсур ду. Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а массо а тайпана гІо а, гІоьнча а дІаваккха хІутту. Цо дІабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, Цул тІаьхьа Цо элира: «Адаман кІант! Ас Ярушалаймехь болу кхача берриг а чекхбаьккхина хуьлуьйтур бу. Шаьш буьстина бууш болу кхача наха кхерамца буур бу. Ткъа шаьш дуьстина молуш долу хи цара шайн доьхначу дагца мер ду,
Выбор основного перевода