Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигалахь, цу лами тІехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахІиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХІинца хьо тІехь Іуьллу латта хьуна а, хьан тІаьхьенна а лур ду Ас. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тІаьхьенаш хир ю хьан, уьш дІасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тІаьхьенехула а декъал хир ду. Со хьоьца ву, Ас Іалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХІокху лаьтта тІе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дІатесна вуьтур вац». Дала элира цуьнга: «Хьан цІе Якъуб ю, амма хІинца дуьйна хьох кхин Якъуб эр дац: хьан цІе Исраил хир ю». Иштта Дала цуьнан цІе Исраил тиллира. Дала элира: «Со Нуьцкъала Дела ву. Алссам доьзалхой а хуьлуш, деба. Халкъ а, халкъийн доьзал а, паччахьаш а схьабевр бу хьох. ИбрахІимна а, Исхьакхана а делла латта хьуна дІало Ас, хьан тІаьхьенна а дІалур ду Ас иза».
Выбор основного перевода