Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КанаІан-махкахь гулдина даьхни а, бахам а шайца схьаийцира цара. Шен ерриг а тІаьхьенца Мисар-махка веара Якъуб. Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаІамсас олучу гІалина уллохь тоьлла латта а делла, пирІуно шена тІе-ма-диллара. Якъуб Мисаре веара. Иза а, вайн дай а цигахь кхелхира. Исраилан халкъан Дала хаьржина вайн дай. Мисар-махкахь долуш вайн халкъ дуккха а алсамдаьккхина Цо, цу махкара уьш Шен олаллин ницкъаца ара а баьхна.
Выбор основного перевода