Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Аса таІзар дийр ду уьш бацийначу халкъана. Цул тІаьхьа хьан тІаьхьенах болу нах цу махкара дІагІур бу, дуккха а хьал а эцна. «Сайх дуй буу Ас, – боху Везачу Эло, – Сан дуьхьа хьайн цхьаъ бен воцу кІант ца кхоош, ахь иза дина, Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. ва Шен ялхо волчу ИбрахІиман хІу дерш, Ша хаьржина волчу Якъубан тІаьхьенах дерш. Веза Эла волу Иза вайн Дела ву. Цуьнан кхелаш массо а лаьттахула ю. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда.
Выбор основного перевода