Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Якъуба элира ШимІе а, Левига а: «Аш суна тІе бохам баийтина, кху лаьтта тІехь Іаш болчу канаІанхошна а, перезахошна а со бІаьрга ван везар вац. Вай дукха дац, нагахь уьш, вовшах а кхетта, суна тІелатахь, цара со а, вай массо а хІаллаквийр ву». Везачу Эло хьо Шен деган лаам бар а, хьо харжар а массо а халкъел хьо дукха долу дела дацара – хьо массо а халкъел жима халкъ ма ду, – Ткъа аша, дІахьедар а деш, шайн Везачу Далла хьалха иштта дІаала: „Сан ворхІе а да ваьлла лелаш волу арамхо вара. Иза, Мисар-махка а вахана, кІеззиг долчу адамашца ваха хиира. Цигахь цунах сийлахь а, нуьцкъала а, алсам долу а халкъ схьаделира. Шен тешар хиларна, шена лур ду аьллачу лаьтта тІехь Іийна иза, тІевеана стаг хийрачу махкахь санна. Четарш чохь Іийна иза, цуьнца цхьатерра ваІданех тешна волу Исхьакх а, Якъуб а ма-Іарра.
Выбор основного перевода