Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІинца ладогІа, Исраилан халкъ, тахана ас хьайна хьоьхучу парзашка а, тІедехкинчаьрга а. Ас уьш кхочушдан хьоьху шуна, шу дийна хилийтархьама а, шун дайн Везачу Дала шайна луш долчу латта тІе а дахийтина, шуьга иза шайн дола даккхийтархьама. Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а». аш цаьрга иштта дІаала: „Вай Мисар-махкахь пирІунан леш дара, амма Везачу Эло вай арадехира Шен ондачу куьйгаца. ТІаккха вайн бІаьргашна хьалха Везачу Эло тамашийна гІуллакхаш а, Іадоран билгалонаш а гайтира Мисаран халкъана а, пирІунна а, цуьнан массо цІенна а тІехь. Ткъа Везачу Эло вай цигара ара а дехира, дІа а дигира, вайн дайшна чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта вайна схьадалархьама. Дерриг а и парзаш кхочушдан а, вайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила а тІедиллира вайна Везачу Эло, массо а заманахь вай дика хилийтархьама а, тахана санна, вай дийна дисийтархьама а. Нагахь санна вайн Везачу Далла хьалха, и дерриг а весеташ, Цо вайна тІе-ма-диллара, леррина кхочуш а деш, вай лелахь, иза Далла тамехь хир ду“». Дуьнен чуьра дІабовлийла массо а къинош летийнарш, Іеса адамаш а ма хуьлийла кхин. Хастам бе, сан са, Везачу Элана! Везачу Элана бу хастам!
Выбор основного перевода