Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДІаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Іуьйранна Іаббалц бепиг а хир ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“». Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Іуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Іуьллуш тхи дара. Тхи дІадаьлча, лаьтта тІехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хІуманаш йисира. Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хІун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хІун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду. Цо кхачанан буьртигаш царна тІе диссийтира, догІа санна, стигалара кІа царна дІаделира. Цо, чан санна, жижиган догІа даийтира царна тІе, хІорда йистера гІум санна, дукха олхазарш а гІовттийра. Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».
Выбор основного перевода