Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Іаламаташ дар, иштта ЦоІан-кІоштахь царна тамашийна гІуллакхаш гайтар. Мисархойн хиш Цо цІийх хьаладуьзира, цаьрга хи ца малийтархьама. Царна тІе жІаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дІакхаллийтархьама, иштта пхьидарчий а тІехийцира, уьш хІаллакбайтархьама. Церан ялта цо цаьпцалгашна дІаделира, иштта церан кхаш цІазана дІаделира. Церан кемсашна тІе къора туьйхира Цо, церан инжиран дитташ а шаца хІаллакдира. Церан дохнна Цо къора туьйхира, церан бажа стелахаьштигна дІабелира. Шен оьгІазаллин цІе хьажийра Цо царна тІе, хІаллакдаран геланчийн жІуга санна, дералла а, эргІаддалар а, халонаш а йоуьйтуш. Цо Шен оьгІазаллина некъ баьккхира, цхьа а стаг Іожаллех кІелхьар а ца ваьккхира, церан дахар Іожаллин уьнна дІаделира. Мисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира, церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хІаллакбира.
Выбор основного перевода