Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. Дийнахь мархин бІогІамца Ахь уьш балабора, буьйсанна уьш цІеран бІогІамца буьгура, уьш дІабаха беза некъ серлабаккхархьама. Берриг а Цийон-лома тІехула а, цунна тІехь мел гулбинчу нахана тІехула а Везачу Эло дийнахь кІуьран марха а, буьйсанна сирла йогуш цІе а латтор ю. Делан ерриге а сийлаллина тІехь марханан кхалор хир ю. Динан вежарий! Вайн берриг а дай мархийн бІогІамо ларбина хилар а, хІорда бухарчу лаьтта тІехула чекхбевлла хилар а шуна дагадаийта лаьа суна.
Выбор основного перевода