Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь хьо иза дІахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу. Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цІа чу а, хьо дІавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цІенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю. Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тІехула лелар ю пхьидарчий“». Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхІароне дІаала, шен Іаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Іаьмнашна а тІехула лаца алий. ТІаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу». АхІарона шен куьг Мисаран хиш тІехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дІалецира.
Выбор основного перевода