Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хІара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза! Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга, сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира, ТІаккха цо Кхорахье а, цуьнца болчу массаьрга а элира: «Везачу Эло кхана гойтур ду, Шен верг мила ву а, вазвинарг мила ву а, иза Шена тІеозорхьама. Цо Ша схьахаьржжинарг Шена тІеозор ву. Шуна юкъара Аса схьахаьржинчу стеган Іасано заза доккхур ду. Иштта сацор ю Аса исраилхоша шуна дуьхьал еш йолу хамталлаш». Мусас Исраилан халкъе дІахаийтира иза. Куьйгалхоша шийтта Іаса схьаеара, хІора тайпанан куьйгалхочуьнгара цхьацца Іаса, церан тайпанашка хьаьжжина. Царна юкъахь АхІаронан Іаса а яра. Мусас тоьшаллин четар чу, Везачу Элана хьалха, охьаехкира и Іасанаш. ШолгІачу дийнахь Муса тоьшаллин четар чу ваьлча, цунна, хьаьжча, Левин тайпанца йоьзна йолчу АхІаронан Іасано, заза а даьккхина, чІенгаш тесна хилар гира. Ур-атталла, тІе зезагаш а даьлла, миндал олу, бІаран тайпа болу, стом беллера цо.
Выбор основного перевода