Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала оццу гІенах элира Абу-Малике: «ХІаъ, Суна хаьа, ахь деш дерг цІенчу дагца хиллий. Цундела цу зудчух куьг а тоьхна, Сайна дуьхьал хьоьга къа ца даладайта Ас саций хьо. ИбрахІимна цуьнан зуда дІало, хІунда аьлча иза пайхамар ву, цо хьох лаьцна доІа дича, хьо дийна вуьсур ву. Нагахь ахь Сарат ИбрахІимна юха ца лахь, хьо а, берриг а хьан доьзал а лийр бу». Абу-Малика шен халкъе омра дира: «ХІокху стагах а, кхуьнан зудчух а куьг Іоьттинарг къинхетам боцуш вуьйр ву», – аьлла. «Ас къобалбинчарах дІа ма хьакхалолаш, Сан пайхамаршна зулам а ма делаш».
Выбор основного перевода