Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тІехула дІалаца, кху махка тІе цІоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дІадуийла цо». Мусас шен Іаса Мисар-махкана тІехула дІалецира. Везачу Эло кху лаьтта тІе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Іуьйре тІееача, малхбалерчу мохо цІоз деара. Инзаре дукха цІоз тІелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цІоз я тІаьхьа а хир дац. Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дІалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тІера стоьмаш а дІабиира цІазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тІехь а, я арарчу баца тІехь а соьналлех хІума ца дисира.
Выбор основного перевода