Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Ибраме: «Хьайн мохк а, халкъ а, ден цІа а дІа а тасий, Ас хьайна гойтун болчу махка дІагІо. Шен зуда а, берриг а бахам а эцна, Мисар-махкара НегІаб цІе йолчу яьссачу арахула дІавахара Ибрам. Цуьнца цхьаьна ЛутІа а вара. ТІаккха Ибрама элира ЛутІе: «Товш дац вайшинна а, вайн Іуьнашна а вовшашца къийсадала, хІунда аьлча вай вежарий ду. Тешар хиларна, Дала шена тІедиллинарг кхочушдеш, шен дола доккхур ду аьллачу лаьтта тІе вахара ИбрахІим. Ша стенга воьду а ца хууш, дІавахара иза.
Выбор основного перевода