Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахІимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна. Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. qac Кqac*хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш. Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц. qac Тqac*утмакхаш болчуьра паргІатдаккхина Цо Шен халкъ, хІоттийна Цо абаденналц Ша бина барт. Цуьнан цІе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю! Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина – Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чІагІо йира цунна, иза а, цуьнан тІаьхьенаш а хІокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахІим цу хенахь доьзалхо воцуш вара.
Выбор основного перевода