Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Мисар-махкахь керла пирІун хІоьттира, цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. Цо элира шен халкъе: «Исраилан халкъ доккха хилла, иза вайна кхераме хила мегаш ду. Исраилхой ца дебийта хьовса деза вай. Нагахь тІом балахь, уьш вайн мостагІех дІа а кхетта, вайх лата а летта, кху махкара дІагІур бу». Мисархоша шайн хьаькамаш хІиттийра, исраилхойх леш а бина, цаьрга беза белхаш байта. Питам а, РаІамсас а цІераш йолу гІаланаш йира исраилхоша пирІунна, шайна чохь тІаьхьалонна хІума латто. Амма оцу халкъана тІехь гІело мел йо а, иза тІеттІа дебара, цу махкахула дІасадаьржара. Мисархой кхоьрура исраилхойх. Цундела кхин а чІогІа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш. Иза вайн халкъ Іехош вара. Вайн дайн халкъана ницкъ бора, вайн бераш дІатуьйсуьйтура, уьш дийна ца дисийтархьама.
Выбор основного перевода