Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. «Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». Иштта боху Везачу Эло: «Оцу меттигах лаьцна аша боху: „Иза яссийна ю, кхузахь я адамаш а, я дийнаташ а дац“. Бакъду, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а я адамаш а, я бахархой а, я дийнаташ а дац. Делахь а, оцу меттигашкахь кхин а хезаш хир ду
Выбор основного перевода