Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Изабала Эли-ЯхІуна тІе геланча вахийтира, цуьнга дІаала: «Деланаша, шайн лааме хьаьвссина, луьра таІзар дойла суна, нагахь аса, кхана хІара хан тІекхачале, оцу пайхамарех хІоранна а диннарг хьуна а ца дахь». Кхера а велла, Эли-ЯхІу цигара дІавахара, шен са кІелхьардаккхархьама. ЯхІуд-махкахь йолчу Беар-ШабаІ-гІала а вахана, Эли-ЯхІус шен ялхо цигахь витира. Цхьана дийнахь некъ баллал юкъ йолчу яьссачу аренга веара Эли-ЯхІу. Схьавеана, жолам-куллана кІел охьа а хиъна, шена валар а доьхуш, цо элира: «ХІинца тоьар дара-кх, Веза Эла. ДІаэцахьа сан са, хІунда аьлча со сайн дайл хІумма а тоьлуш вац». Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву». Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах.
Выбор основного перевода