Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло, Исраилан Дала: хийца шайн дахар а, шайн гІуллакхаш а. Шайга бохург аша дахь, Аса кхузахь даха дуьтур ду шу. Амма шайн дахар а, гІуллакхаш а нисдина, вовшашца нийсо а лелош, Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. Хьанна хаьа, дохко а ваьлла, къинхетам бийр бац те Цо? ТІаккха шун таро хир ю шайн Везачу Далла лерина кІен а, чагІаран а сагІанаш даха. «Хьанна хаьа, Дела, юха а ваьлла, вайгахьа верзахь а, Шен нуьцкъала оьгІазло вайна тІера дІа а яьккхина, вай хІаллак ца деш дита мега Цо». ТІаккха цо доІанна тІехь дийхира Везачу Эле: «Ва Веза Эла! И дацара аса со сайн махкахь хиллачу хенахь дийцинарг? Цундела веддерий со-м Таршаш-гІала, хІунда аьлча Хьо дика ойла йолуш а, къинхетаме а, Хьо атта оьгІаз ца воьдуш а, ткъа боккха безам болуш а вуйла сайна хаьа дела. Хьо сиха дохковолуш хуьлу, Хьайна цхьанна бохам бан дагадеача.
Выбор основного перевода