Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. Аса хьо хІинца чІагІйина гІала санна, аьчка бІогІам санна, йоьза пен санна, хІокху лаьтта тІехь дІахІоттийна. ЯхІудан халкъан паччахьашна а, цуьнан тхьамданашна а, динан дайшна а, массо а кху лаьттарчу халкъана а дуьхьал хьо латталур ву. Цундела хьуьнхара лом царна тІе кхетар ду, аренгарчу барзо а уьш цоьстур бу, цІоькъаберг а церан гІаланашна уллохь кІелхуур ю, царах араваьлларг ватІорхьама, цара лелийна зуламаш совдовларна а, церан тешнабехк хилар доккха хиларна а». Цо дукхахберш тасаболуьйтур бу. Уьш вовшашна тІе оьгур бу. Цара бохур ду: „Дуьло, юхагІур ду вай вайн халкъана тІе а, вайн махкана тІе а, хІаллакдечу туьрах кІелхьардовлархьама“.
Выбор основного перевода