Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьа а хІума аса шуна тІедиллинчунна тІе а ма тоха, цунна тІера дІа а ма даккха. Ларде Аса шуна тІедуьллуш долу шайн Везачу Делан весеташ. Цуьнан дешнашна тІе хІумма а тІе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дІа а гойтур ду». Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. Делера болу хаамаш бан Везачу Эло ша вахийтина йолчу Тупатера Ярми-ЯхІу юхавирзича, иза, Делан цІийнан керта а вахана, дерриге а халкъе вистхилира: Цо соьга кхидІа а элира: «Адаман кІант! Ас хьайга мел олу дош хьайн дагца тІеэца, хьайн лергашца дІа а лаца. Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара. Амма церан аьтто ца болура, хІунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хІора Цуьнан даше ладугІуш. Шек а ца волуш, нахана юкъахь, арахь а, цІенош чу воьдуш а, шуна пайденна болу хьехам бина ас. хІунда аьлча, шеко а йоцуш, хІумма а лечкъа а ца деш, ас шуна Делан лаам кхайкхийна.
Выбор основного перевода