Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагІчу дийнахь церан гІаланашка кхечира. Цу гІаланийн цІераш яра: ГавІон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯІарим. Лаиш-гІала боьдучу новкъахь совца а севцина, ЯхІуд-махкарчу Кхиръят-ЯІаримехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Цундела Кхиръят-ЯІаримана малхбузехьа йолчу цу меттигах хІинца а Махьаней-Дан олу (иза «Данан меттамотт» бохург ду). Кхиръят-ЯІарим цІе йолчу гІала бахийтина цара шайн геланчаш хабар эцна: «ПІелаштамхоша Везачу Элан тІорказ юхадаийтина. Схьа а дуьйлий, иза шайга дІахьо», – аьлла. И деза тІорказ Кхиръят-ЯІариме кхаьчна дуккха а хан елира – ткъа шо гергга. Исраилан халкъ Веза Эла лоьхуш дара.
Выбор основного перевода