Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхІу-Якхаман ненан цІе Забудат яра. Иза Рума-гІаларчу Пади-ЯхІун йоІ яра. ТІаккха ЯхІу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дІахІоттийра. Ткъа Элъякъиман цІе пирІуно хийцира, цунах ЯхІу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дІа а лаьцна, Мисар-махка дІавигира Нахус. ЯхІу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора цо. Везачу Эло Ярми-ЯхІуга аьлла долу дешнаш иштта дара: «Везачу Элан цІийнан ков долчу дІа а хІоттий, хІара хаам дІакхайкхабе: „ЛадогІа Везачу Элера долчу дешнашка. ХІокху кевнна чухула а бовлуш, Везачу Элана суждане оьхуш долчу ЯхІудан халкъан массара а ладогІа.
Выбор основного перевода