Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Амма Хьуна, Веза Эла, хууш ду цара суна дуьхьал бартбар. Уьш со вен гІерташ бу. Цара летийна къинош дІа ма дахахьа, цара динчу зуламашна геч ма дехьа. Хьуна хьалха уьш эшийна хуьлийла. Хьо оьгІазвахханчохь дехьа царна таІзар. ТІаккха баьччанаша паччахье элира: «Ярми-ЯхІу вен везаш ву, хІунда аьлча цо дуьйцучо кху гІалахь бисинчу тІемалойн а, иштта гІалин бахархойн а майралла дІайоккху. Цо вайна лоьрург дика дац, вон ду». qac Нqac*ийсо лелочеран цІий Іанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира. ХІун хета шуна?» Цунна жоп луш, гулбеллачара элира: «Иза бехке ву! Иза вала веза!» ТІаккха цара къайлаха нах кечбира дІахаийта: «Цо Далла а, Муса-пайхамарна а дуьхьал Іеса къамел деш хезира тхуна», – аьлла. Адам а, Іелам нах а, баккхийнаш а карзахбехира цара. Тапа, схьа а лаьцна, коьртачу кхеташоне валийра. Харц тоьшалла дан нах дІахІиттийра. Цара бохура: «ХІара стаг гуттар а езачу меттигна а, товратна а дуьхьал къамел деш ву. Тхуна хезира кхо бохуш: „Назартарчу Іийсас хІара еза меттиг а йохор ю, Муса-пайхамаро вайна делла гІиллакхаш а хуьйцур ду“».
Выбор основного перевода