Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: «Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. Бавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхІуд-махкахь дитинчу халкъана тІехь куьйгалхо вина дІахІоттийра Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу. Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаІал-харцделанашна тІаьхьахІиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара».
Выбор основного перевода