Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цІа хІаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Іаьнначу цІийна тІера Соьга бекхам байтархьама. И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. «ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга. Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугІура, уьш тергал а ца бора.
Выбор основного перевода